a Арадаккхар 2:11-15.

‏ Acts 7:23-28

23 aШен шовзткъа шо кхаьчча, вежарий болу исраилхой болчу ваха дагадеара цунна. 24Цигахь волуш цунна гира мисархочо цхьана исраилхочунна ницкъ беш. Мусас, исраилхочуьнгахьа гӀо а даьккхина, мисархо вийра. 25Цунна моьттура вежарий кхетар бу, Дала шаьш паргӀатдаха ша хьажийна хиларх. Амма уьш ца кхийтира. 26ШолгӀачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гӀоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХӀунда лета шу вовшах?“ 27Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьан хӀоттийна хьо? 28Я айхьа селхана мисархо ма верра, со а вен-м ца гӀерта хьо?“
Copyright information for CheCAC2012