a Арадаккхар 3:1-10.

‏ Acts 7:30-34

30 aШовзткъа шо даьлча, Синай цӀе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цӀергахь малик деара. 31Муса чӀогӀа цецваьллера и сурт гина. Дика хьажархьама иза уллохьа тӀевахча, цунна Везачу Элан аз хезира: 32„Со – хьан дайн Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бӀаьрганегӀар хьалаайа а ца ваьхьаш. 33Везачу Эло элира цуьнга: „Мачаш дӀаяха хьайн когара, хьо лаьтта меттиг деза латта ду. 34Суна Сайн халкъана Мисарахь ницкъ беш а гина, цуьнан узарш а хезна. Со уьш паргӀатбаха воьссина. ХӀинца дӀагӀо, Аса Мисар-махка вохуьйту хьо“.
Copyright information for CheCAC2012