‏ Acts 8:1-4

1Шаула къобалдора Тапин вер.

Шаула Ӏийсан мурдаш баланехь латтор

Цу дийнахь Ярушалаймехь Ӏийсах тешаш болчийн тобане бала хӀоттийра. ЯхӀуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дӀасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш.
2Тапа суьпачу наха дӀавоьллира, цунах доккха белхар а хӀоттош. 3 aТкъа Шаул Ӏийсах тешаш болу нах хӀаллакбан волавелира. Цхьана цӀа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дӀа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо.

Пилапа Шамран-махкахь хьехам бар

4Ткъа шайн меттера дӀалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь.
Copyright information for CheCAC2012