Acts 9:1-19
Шаулан Ӏийсах тешар
(Векалийн 22:6-16; 26:12-18)
1Хьалха санна оьгӀазаллех кхехкаш вара Шаул, Ӏийсан мурдаш хӀаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. 2Цо цуьнгара Дамасакх-гӀаларчу жуьгтийн гуламан цӀеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Ӏийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь. 3Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цӀеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. 4Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?» 5«Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Ӏийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. 6ХӀинца, хьала а гӀаттий, гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахь хӀинца дан дезарг». 7Шаулна тӀаьхьа богӀу нах Ӏадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш. 8Шаул лаьттара хьалагӀаьттира, амма цо бӀаьргаш схьабиллича, цунна хӀумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе. 9Кхаа дийнахь а, буса а бӀаьрса дайна Ӏийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура. 10Дамасакхехь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Хьанас цӀе а йолуш. Цунна сурт хӀоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!» ТӀаккха хӀокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» – аьлла. 11Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“олучу урамехь долчу ЯхӀудан цӀа чу а гӀой, Тарс-гӀалара Шаул цӀе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хӀинца доӀанаш деш ву. 12Цунна сурт хӀоьттина, Хьанас цӀе йолчу стага, ван а веана, шен бӀаьргаш тӀе куьйгаш дохкуш, шен бӀаьрса схьадаийта». 13Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна. 14Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу». 15Везачу Эло элира Хьанасе: «ДӀавало! И стаг Ас хаьржина гӀирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цӀе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. 16Ас гойтур ду цунна, Сан цӀе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза». 17Хьанас, дӀа а вахана, шега аьлла цӀа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бӀаьргаш тӀе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогӀуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Ӏийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». 18Цу сохьта, пардо дӀадаьлча санна, бӀаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагӀаьттинчул тӀаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза. 19ХӀума йиинчул тӀаьхьа гӀора деара цуьнга.Шаула Дамасакхехь хьехам бар
Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула.
Copyright information for
CheCAC2012