Acts 9:26-30
Шаул Ярушалаймехь
26Ярушалайме а веана, Ӏийсан мурдех дӀакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хӀара а Цуьнан мурд хиларх. 27ТӀаккха Бар-Нааба векалшна тӀевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Ӏийсан олаллин цӀарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а. 28Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргӀат лелара Ярушалаймехь, Ӏийсан цӀарах майрра хьехам а беш. 29Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хӀара вен барт хилира церан. 30Иза хиъча, динан вежарша Шаул Кхесрин-гӀала дӀавигира, ткъа цигара Тарс-гӀала дӀакхетийра.
Copyright information for
CheCAC2012