Acts 9:3-6
3Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цӀеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. 4Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?» 5«Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Ӏийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. 6ХӀинца, хьала а гӀаттий, гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахь хӀинца дан дезарг».
Copyright information for
CheCAC2012