‏ Amos 1:13-15

Ӏаммин-мохк

13 aИштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама. 14Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца. Цу гӀалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», – боху Везачу Эло. 15

Муаби-мохк

Copyright information for CheCAC2012