Amos 1:6-8
ПӀелаштам-мохк
6 aИштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама. 7Ӏази-гӀалин пенашна тӀе а цӀе хьажор ю Ас. Цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш. 8Ашдод-гӀалин бахархой а хӀаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гӀалахь олаллин гӀаж дӀалаьцнарг а вохор ву Ас. Ӏекхран-гӀалина тӀе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пӀелаштамхойх дисина халкъ а хӀаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012