‏ Amos 5:25-27

25 aИсраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан! 26Шайн паччахь-делан Сакутан а, шайн седа-делан Кайвулин шайн куьйгашца дина долу суьрташ хӀетахь а леладора те аша? Ткъа хӀинца аша уьш лела ма бо! 27Аша иза дарна, шу махках а даьхна, Дамасакхана дехьа дохур ду Ас», – боху Везачу Эло. Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Дела ю.
Copyright information for CheCAC2012