‏ Colossians 3:22-25

22 aЛеш, адамаш долчу шайн элашна массо а хӀуманна тӀехь муьтӀахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Ӏаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцӀена а лела. 23Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна. 24Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгӀатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гӀуллакх деш волу Эла ма ву. bТкъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таӀзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.25

Copyright information for CheCAC2012