‏ Daniel 1:1-7

Набухди-Нецаран кертахь

1 aЯхӀу-Якхам-паччахьо ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гӀалина го лецира. 2 bТӀаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхӀуд-мехкан паччахь волу ЯхӀу-Якхам. ЯхӀу-Якхам-паччахь а, кхин дӀадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанӀар-махкара шен делан цӀа чу дӀадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гӀалара Делан цӀа чуьра цхьайолу еза хӀуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цӀа чуьра хазнина тӀе дӀаяхьийтира цо. 3Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цӀийнах бевлла болу къонахой шена тӀе схьабалабе аьлла. 4Уьш хила безара шайн догӀмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Ӏилма Ӏамо кхетам а болуш, Ӏилма девзаш а болуш, кӀорггера хьекъал а долуш, паччахьан цӀа чохь гӀуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Ӏамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а. 5Иштта паччахьо тӀедиллира хӀора дийнахь царна шен цӀа чуьра мала чагӀар далар а, яа хӀума ялар а. КхидӀа а тӀедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дӀаяьлча, уьш шена тӀебалор а. 6Цу къонахошна юкъахь бара ЯхӀудан тӀаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхӀу а, Мишаал а, Ӏазар-ЯхӀу а. 7Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цӀераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхӀух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Ӏазар-ЯхӀуна Ӏабди-Нага боху цӀе тиллира.
Copyright information for CheCAC2012