Daniel 7:4-6
4 aХьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тӀемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тӀемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахӀоттийра. Цул тӀаьхьа цунна адаман кхетам белира. 5Ченах тера а долуш, багарчу цергашна юкъахь бисина кхо пӀенда а болуш, цхьа агӀо хьалаайина а йолуш, шолгӀа экха дара лаьтташ. „ХьалагӀатта, шортта жижиг даа!“– бохура цуьнга. 6Цул тӀаьхьа цӀоькъабергах тера долу кхин а цхьа экха гира суна. Цуьнан букъ тӀехь олхазарийн санна биъ тӀам бара. Цу экхан биъ корта а бара, цунна делла олалла а дара.
Copyright information for
CheCAC2012