Deuteronomy 1:19-33
Кхадеш-БарнаьӀара латта талла нах новкъа бохуьйту
(Лелар 13:1-33)
19«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира. 20ТӀаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тӀе даьхкина шу. 21Шун Везачу Дала шуна дӀалуш ду хӀара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дӀа а гӀой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“. 22Амма аша массара а, суна тӀе а даьхкина, элира соьга: „Ваьшна хьалхара нах бохуьйтур бу вай, цаьрга и латта таллийтархьама а, вай даха дезаш болчу некъах а, вай тӀегӀур долчу гӀаланех а лаьцна ваьшка хаам байтархьама“. 23И къамел суна хазахийтира, цундела ас шун хӀора тайпанна юкъара цхьацца стаг хаьржира. 24Уьш, дӀа а бахана, лаьмнаш тӀе а бевлла, Ашкул-тогӀенна тӀе а кхаьчна, цуьнга бӀаьрг а тоьхна, дӀасахьаьвсира. 25Оцу лаьтта тӀера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“. 26 aАмма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира. 27Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дӀа а делла, хӀаллакдархьама. 28Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“. 29Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах. 30Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тӀом бийр бу, Мисар-махкахь шун бӀаьргашна гина ма-хиллара. 31 bЯьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. 32 cИ дерриг а шайна гуш доллушехь, тӀаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу. 33Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цӀарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».
Copyright information for
CheCAC2012