Deuteronomy 1:26-33
26 aАмма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира. 27Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дӀа а делла, хӀаллакдархьама. 28Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“. 29Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах. 30Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тӀом бийр бу, Мисар-махкахь шун бӀаьргашна гина ма-хиллара. 31 bЯьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. 32 cИ дерриг а шайна гуш доллушехь, тӀаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу. 33Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цӀарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».
Copyright information for
CheCAC2012