‏ Deuteronomy 1:34-36

Исраилан къомана дина таӀзар

(Лелар 14:20-45)

34 a«ТӀаккха, шун дешнаш дӀахезча, Веза Дела оьгӀазвахара. Цо чӀагӀо йира: 35„ХӀокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваӀда дина долу дика латта, – аьлла. – 36И латта Епунин кӀант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дӀалур ду, цунна а, цуьнан кӀенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тӀаьхьа хӀоттарна“.
Copyright information for CheCAC2012