Deuteronomy 1:41-46
41ХӀетахь, соьга жоп а луш, аша элира: „Тхайн Везачу Далла дуьхьал къа латийна оха. Цига а дахана, тхан Везачу Дала ма-бохху, тасалур ду тхо“. Шух хӀораммо а тӀемалочун хуьлучу герзаца гӀодаюкъ йихкира. Иза атта а хеташ, лаьмнашна тӀе довла сацам бира аша. 42Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДӀаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тӀе, ма бе тӀом, шайн мостагӀашка шаьш эша ца дайтархьама, хӀунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“. 43Ас иштта бехира шуьга, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Шу Везачу Элан лаамна дуьхьалдевлира. Шайн юхахьаралла бахьана долуш шу лаьмнаш тӀе девлира. 44Оцу лаьмнашна тӀехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеӀир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тӀе кхаччалц йолу меттигашкахь. 45ТӀаккха, юха а дирзина, Везачу Элана хьалха дилхира шу. Амма Везачу Элана шун маьхьарий а ца хезира, Цо шун тергам а ца бира».Яьссачу аренгахь даьхна шераш
«Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».46
Copyright information for
CheCAC2012