Deuteronomy 1:9-18
Муса-пайхамаро кхелахой дӀахӀиттабар
(Арадаккхар 18:13-27)
9«Аса оцу хенахь шуьга иштта элира: „Суна сайна шу лело хала ду. 10Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду. 11Шун дайн Везачу Дала шу хӀинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара. 12Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дӀакхоьхьур ду? 13Шайн-шайн тайпанашкара хьекъале а, кхетаме а, зийна а болу нах схьахаржа. ТӀаккха ас уьш, шуна тӀехь хьаькамаш а бина, дӀахӀиттор бу“. 14Аша соьга жоп делира: „Дика гӀуллакх юкъадалийна ахь“, – аьлла. 15Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тӀехь хьаькамаш хила дӀахӀиттийра: эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тӀехьоьжурш а бина, дӀахӀиттийра шун тайпанашкахь. 16Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гӀуллакхашка ладогӀа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тӀевеанчуьнца и гӀуллакх доьзна делахь. 17Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цӀеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хӀунда аьлча кхел – Делан гӀуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гӀуллакх суна тӀе схьада, ас ладугӀур ду цуьнга“. 18Аса хӀетахь шуна тӀедиллира аша дан мел дезарг».
Copyright information for
CheCAC2012