‏ Deuteronomy 10:1-5

Делера болу итт хьехам шолгӀа схьаэцар

(Арадаккхар 34:1-10)

1«Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тӀорказ а дай, Со волчу лам тӀе хьалавала. 2Оцу экъанаш тӀехь ахьа йохийначу шина экъанна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тӀорказ чу охьаяхка“.

3ТӀаккха акаци олучу дечигах ас тӀорказ а дира, хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йира. И ши экъа карахь а йолуш, со лам тӀе велира. 4Везачу Эло, Ша хьалха лам тӀехь гуламан дийнахь цӀеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тӀе дӀа а язбина, уьш соьга схьаелира. 5ТӀаккха, лам тӀера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тӀе-ма-диллара, айса динчу тӀорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хӀинцца а цигахь ю».
Copyright information for CheCAC2012