‏ Deuteronomy 11:13-15

13 aТахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, – 14Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догӀа лур ду, хьалххе догӀург а, тӀаьхьо догӀург а. ТӀаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагӀар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. 15Ас шун аренашкахь шун бежанашна буц лур ю, тӀаккха юуш а, дузуш а дехар ду шу.
Copyright information for CheCAC2012