‏ Deuteronomy 11:13-17

13 aТахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, – 14Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догӀа лур ду, хьалххе догӀург а, тӀаьхьо догӀург а. ТӀаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагӀар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. 15Ас шун аренашкахь шун бежанашна буц лур ю, тӀаккха юуш а, дузуш а дехар ду шу. 16Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Ӏеха ма далийталаш, Везачу Элах дӀа а дирзина, кхечу деланашна гӀуллакх а деш, Ӏибадат а деш дӀахӀиттарх. 17ТӀаккха Везачу Элан оьгӀазалла, яьлла цӀе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дӀакъовлур ю, догӀа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТӀаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тӀехь шу кестта хӀаллакьхир ду.
Copyright information for CheCAC2012