‏ Deuteronomy 14:22-29

Кхиийначух уьтталгӀа дакъа дӀадаларх лаьцна хьехам

22 a«ХӀора шарахь шайн кхашна тӀехь, хӀу а тесна, айхьа кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дӀакъастаде. 23Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Ӏайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагӀаран, шайн зайтдаьттан уьтталгӀа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагӀийн дуьххьарлера Ӏахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏамархьама. 24Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастор йолу меттиг гена йолу дела, и некъ шуна беха белахь, шайн Везачу Дала шу декъалдина хиларна уьтталгӀа дакъа цига шу дӀадахьалуш дацахь, 25и дерриге а детих хийца. ТӀаккха и дети шайн куьйга а диллий, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге схьадуьйла. 26Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагӀий, чагӀар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТӀаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хӀуманаш яа, иштта сакъералуш а хила.

27Шайн гӀаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хӀунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац. 28Кхо шо хан яьлча, шаьш кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дерриге а дӀа а къастадай, оццу шарахь шайн гӀаланашкахь дӀадилла. 29ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».
Copyright information for CheCAC2012