b Арадаккхар 23:19; 34:26.
Deuteronomy 14:3-21
Хьаналчу а, хьарамчу а дийнатех лаьцна
(Ӏамалъяр 11:1-47)
3Мусас кхидӀа а элира: «Везачу Элана дегаза хетачех цхьа а хӀума ма яалаш. 4ХӀорш ду шуна даа мегаш долу хьайбанаш: стерчий, уьстагӀий, гезарий, 5сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий. 6КӀоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. 7Делахь а, нох доккхуш долчех я кӀоргга харш а долуш, бергаш екъаеллачех хӀорш ма даалаш: эмкалш, пхьагалш, гӀамарпхьагалш. Уьш нох доккхуш елахь а, церан бергаш екъаелла яц. Уьш шуна хьарам ю. 8Иштта хьакха а ю шуна хьарам. Цуьнан бергаш екъаелла ю, амма цо нох ца доху. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта. 9Хи чохь дехачу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа. 10Ткъа пелагаш доцурш ма даа: уьш шуна хьарам ду. 11Олхазарех а даа хьанал дерш. 12Амма царах долу хӀорш даа мегар дац: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, 13шен тайпанашца маккхал а, шен тайпанашца леча а, 14шен тайпанашца муьлхха къиг а, 15страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, 16соька а, ибис а, кӀайн бухӀа а, 17пеликан а, сип а, чӀерийдохург а, 18аист а, шен тайпанашца зуя ▼▼Зуя – иза чӀерий лоьцургийн тайпанах долу олхазар хила тарло.
а, хӀуттут а, бирдолаг а. 19ТӀемаш долу дерриг а сагалматаш а хьарам ду шуна. Уьш ма даалаш. 20Ткъа тӀемаш долчу дийнатех муьлхха а хьанал дерг даа мегаш ду. 21 bЦхьа а къеелла йолу хӀума ма яа, муьлхачу шун гӀаланашкахь вехаш волчу тӀевеанчу стагана дӀало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дӀадохка и жижиг, хӀунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».
Copyright information for
CheCAC2012