‏ Deuteronomy 15:1-11

ВорхӀалгӀачу шарах лаьцна

(Ӏамалъяр 25:1-7)

1«ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш схьа ца дохуш дита. 2Гечдар иштта хуьлу: шен юххерачунна юхалург хӀума елла волчу, муьлххачу стага, и декхар шен къомах волчунна гечдан деза. И декхар цо цуьнгара схьадеха ца деза, хӀунда аьлча Везачу Эло дӀакхайкхийра, декхарш схьа ца дохуш дита аьлла. 3Кхечу махкара волчуьнгара декхар схьадаккха, ткъа шайн къомах волчо шуна дӀадала дезаш долу декхар схьа ца доккхуш дита.

4Делахь а, шуна юкъахь мисканиг хила ца веза, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу шортта декъалдийр ду. 5Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Деле бен аша ладугӀур дацахь а, тахана ас шайна тӀедохкуш долу весеташ аша леррина кхочушдахь а. 6Шу иштта лелахь, шун Везачу Дала шу декъалдийр ду, Ша шуьга ма-аллара. Аша дуккха а долчу халкъашна юхалург а лур ду, ткъа цаьргара юхалург хӀумма схьа а оьцур яц. Аша дуккха а халкъашна тӀехь олалла дийр ду, ткъа цара шуна тӀехь олалла дийр дац.

7 aНагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тӀерачу цхьана гӀалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чӀагӀ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гӀо дан. 8Амма шайн куьйгаш дӀа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш. 9„Декхарш дуьтуш долу ворхӀалгӀа шо тӀекхочуш ду“, – боху цӀена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бӀаьрмециг довла мега, цунна юхалург хӀума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тӀаккха иза шуна къилахь лорур ду. 10ПаргӀат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гӀуллакхашна тӀехь а, шун куьйгаша мел дечунна тӀехь а шу декъалдийр ду. 11 bКъен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тӀехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна».
Copyright information for CheCAC2012