‏ Deuteronomy 15:12-18

Леш лелорах лаьцна

(Арадаккхар 21:1-11)

12 a«Нагахь санна шун Ӏебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза. 13Шаьш иза дӀахецча, даьссачу куьйгашца ма вахийталаш иза. 14Комаьршаллица яхьийта цуьнга шайн уьстагӀех, шайн хьаьтта тӀера долчух, шайн муттдоккхургех долу дакъа. ДӀало цунна, шун Везачу Дала шаьш мел декъалдинчуьнга хьаьжжина. 15Дагахь латтаделаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар а, шайн Везачу Дала шу паргӀатдахар а. Цундела тӀедуьллу ас шуна тахана хӀара.

16Нагахь санна, шу долчохь шена дика хилла дела, цо шуьга иштта алахь: „Со дӀа ца воьду шу долчуьра, сайна шу а, шун доьзал а беза дела“, – 17аша, ю схьа а эций, цуьнан лергах иза чекх а яккхий, неӀарх Ӏотта. ТӀаккха иза гуттаренна а шун лай хилла вуьсур ву. Изза делахь гӀарбашна а. 18Холчу ма даккха шайна иза дӀахеца везаш хилар, хӀунда аьлча ялх шарахь ша бина болу болх цо мехах аш лаьцна волчу белхалочо бинчул шозза йораха бина. Мелхо а, цу бахьаненна шун Везачу Дала аш мел деш долчунна тӀехь шу декъалдийр ду».
Copyright information for CheCAC2012