‏ Deuteronomy 16:13-15

Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош

(Ӏамалъяр 23:33-43)

13 a«Кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ворхӀ дийнахь дазде, шаьш аренаш тӀера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагӀар схьадаьккхина девлча а. 14Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кӀенташа а, йоӀарша а, шун леша а, гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болчу левихоша а, тӀебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а. 15ВорхӀ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хӀунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тӀехь а, шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а декъалдина ду шу.
Copyright information for CheCAC2012