Deuteronomy 16:3-8
3Цуьнан жижигца совсийна хӀума ма яалаш. ВорхӀ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хӀунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта. 4ВорхӀ дийнахь шун махкахь цхьанхьа а совсуьйту цхьа а хӀума каро ца еза. Хьалхарчу дийнахь, суьйранна, сагӀа даккха, ткъа жижигах долу цхьа а дакъа Ӏуьйренга ма далийта. 5Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гӀаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагӀина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун. 6Шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дӀабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь. 7Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгӀачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун. 8Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дӀахӀоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе».
Copyright information for
CheCAC2012