‏ Deuteronomy 16:9-11

Ялта чудерзоран деза де

(Арадаккхар 34:22; Ӏамалъяр 23:15-21)

9 a«Маьрсаца кӀа хьокхучу хьалхарчу денна тӀера ворхӀ кӀира дагарде. 10Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина. 11Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а.
Copyright information for CheCAC2012