‏ Deuteronomy 16:9-12

Ялта чудерзоран деза де

(Арадаккхар 34:22; Ӏамалъяр 23:15-21)

9 a«Маьрсаца кӀа хьокхучу хьалхарчу денна тӀера ворхӀ кӀира дагарде. 10Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина. 11Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а. 12Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар дагахь латтаде. Цундела и парзаш лар а де, уьш кхочуш а де».
Copyright information for CheCAC2012