‏ Deuteronomy 17:2-7

2Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гӀалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь, 3 aнагахь санна цара, Ас тӀедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Ӏамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Ӏибадат а дахь, 4ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гӀуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хӀума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь, 5аша и зулам дина волу стаг я зуда гӀалин кевнашна арахула тӀе а валавай, иза валлалц цунна тӀе тӀулгаш кхисса. 6 bШина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза. 7 cТоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тӀаьхьа дерриге а халкъо царна тӀулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
Copyright information for CheCAC2012