Deuteronomy 18:15-18
15 aШуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогӀа. 16Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хӀунда аьлча шаьш Хьариб-лам тӀехь гулделлачохь аш дехна: „ХӀинца чул тӀаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хӀара сийлахь цӀе а ма гойла тхуна, тхо хӀаллак ца хилархьама!“– бохуш. 17Везачу Эло соьга элира: „Дика ду цара иза доьхуш хилар. 18Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тӀаккха Ас Шена тӀедиллинарг нахе дӀаэр ду Цо.
Copyright information for
CheCAC2012