Deuteronomy 19:2-4
2ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае. 3Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама. 4Шен са кӀелхьардаккхархьама, оцу гӀаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагӀалла а доцуш.
Copyright information for
CheCAC2012