‏ Deuteronomy 2:26-37

Сихьон-паччахьна тӀехь толам баккхар

(Лелар 21:21-30)

26«Кхадимут цӀе йолчу яьссачу аренгара Хьешбон-гӀалин паччахь волчу Сихьонна тӀе векалш бахийтира ас, машар а кховдош, хӀара дӀаалийтархьама: 27„Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Тхо, я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца доьрзуш, нийсса новкъахула дӀагӀур ду. 28Детих юург йохка тхуна, тӀаккха бен оха иза юур яц. Детих мала хи а ло тхуна, тӀаккха бен оха иза мер дац. ГӀаш бен тхо тӀех а девр дац, 29тхуна СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу Ӏесаван тӀаьхьенах болчара а, Ӏар-гӀалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тӀе тхо дӀакхаччалц“.

30Амма Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тӀехула вай чекхдовлийта, хӀунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чӀагӀдира, хӀинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дӀавалархьама.

31Везачу Эло соьга иштта элира: „ХӀан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дӀадолийна. Хьо а дӀаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“. 32ТӀаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгӀаьттира ЯхӀац-гӀалина уллохь хиллачу тасадаларехь. 33Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кӀентий а, цуьнан мел долу халкъ а хӀаллакдира. 34Оцу хенахь цуьнан ерриг а гӀаланаш схьа а яьхна, царах хӀорра а, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш. Царах цхьа а дийна ца витира оха. 35ГӀаланаш дакъазаяхале, церан бежанаш а, церан схьаяьхначу гӀаланашкара вай схьадаьккхинарг а, хӀонс санна, дӀадаьхьнера. 36Арнон-хин тогӀин йистера йолчу ӀаруӀер-гӀалара ГалӀад-гӀала дӀакхаччалц йолу цхьа а гӀала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала. 37Ӏамминхойн лаьттана, я Ябокх олучу хин йистошкахула йолчу меттигашна, я лаьмнашна тӀехь йолчу гӀаланашна, я вайн Везачу Дала ца магийначу цхьана а хӀуманна тӀе ца кхевдира вай».

‏ Deuteronomy 3:1-11

ӀовгӀа-паччахьна тӀехь толам баккхар

(Лелар 21:31-35)

1«Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа шен мел долчу эскарца ЭдреӀи олучу меттиге дӀавахара, вайна тӀамца дуьхьалвалархьама. 2ТӀаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ӀовгӀа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дӀадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.

3Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ӀовгӀа хӀаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш! 4Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш. 5И ерриге а гӀаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгӀначу ондачу гӀорашца чӀагӀйина яра. Гобаьккхина пенашца чӀагӀъяза кхин а дуккха а гӀаланаш яра цигахь. 6Вай и гӀаланаш хӀаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гӀаланаш хӀаллак ма-ярра. ХӀора гӀала, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш. 7Ткъа массо а бежанаш а, вай схьаяьхначу гӀаланашкара карадеанарг а вай хӀонсана дӀадаьхьира.

8Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай. 9(ЦӀаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) 10Башан-мехкан паччахь волчу ӀовгӀин ерриге а аре схьалецира вай: тӀапломахь мел йолу гӀаланаш а, берриг а ГалӀад-мохк а, иштта Салха а, ЭдреӀи а гӀаланашна тӀекхаччалц болу берриг а Башан-мохк а».

11(Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)
Copyright information for CheCAC2012