Deuteronomy 2:4-19
4 aСеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Ӏесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш. 5Аша цаьрца тӀом ма болабелаш, хӀунда аьлча Ас церан латтанех ког тӀебиллал а латта лур дац шуна. СеӀир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Ӏесаван тӀаьхьенна дӀабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама. 6Юург яа, шайгара дети дӀа а лой, цаьргара эций. Мала хи а схьаэца цаьргара, цунах дети дӀа а лой“. 7Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара. 8СеӀирехь бехачу вайн гергара къам долчу Ӏесаван тӀаьхьенан лаьтта юххехула тӀех а девлла, Эйлатера а, Ӏецйон-ГӀебарера а боьдучу некъах дӀа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тӀедоьлхура вай. 9 bМостагӀалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тӀом, хӀунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаелла Ӏар-гӀала, цаьрга дола дайта». 10(Хьалха цигахь эймимахой баьхнера. И къам нуьцкъала а, алссам а дара. Иза, турпалш болу Ӏаьнакхахой санна, лекха къам дара. 11Ӏаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла. 12СеӀир-лаьмнаш тӀехь хьалха заманахь хьорихой хилла бехаш. Амма Ӏесаван кӀентий, уьш дӀа а лаьхкина, шайна гучуьра дӀа а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшина. Исраилхоша а изза динера Везачу Эло шайн дола деллачу лаьттах.) 13«Везачу Эло элира: „Хьала а гӀовттий, Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовла“. ТӀаккха вай чекхдевлира Зерад-татол долчу тогӀенехула. 14 cВай Кхадеш-БарнаьӀара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовлучу ханна тӀекхаччалц, ткъе берхӀитта шо дӀадаьлла. Вайн къомана юкъара тӀаме дахалуш мел хилла гаранаш хӀаллакьхилла, Везачу Эло царна чӀагӀо йина ма-хиллара. 15Везачу Элан куьг царна тӀедаьхьна ма-дара, уьш хӀаллак а бина, къомана юкъара Цо берриш а дӀабаххалц. 16ТӀаме дӀаэхалуш берш, берриш а хӀаллак а хилла, халкъана юкъара белла дӀабевллачу хенахь, 17Везачу Эло соьга иштта элира: 18„Хьо хӀинца Муаби-махкахула, Ӏар-гӀалина уллохула, чекхволуш ву. 19 dӀамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагӀалла а ма леладе, цаьрца тӀом а ма бе. Ас Ӏамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаделла“».
Copyright information for
CheCAC2012