Deuteronomy 20:1-4
ТӀемах лаьцна тӀедиллинарг
1«Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву. 2Шу тӀаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза: 3„ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш! 4ХӀунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагӀчух тасадала шуна гӀо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“.
Copyright information for
CheCAC2012