Deuteronomy 21:6-9
6Веллачун юххехь йолчу оцу гӀалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогӀи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тӀехула а лоцуш. 7Цара, дӀа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Ӏанийна дац хӀара цӀий, тхан бӀаьргашна гина хӀума а дац хӀара. 8Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргӀатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дӀадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цӀий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТӀаккха цӀий Ӏаноран къа царна тӀера дӀадаьккхина хир ду. 9Иштта дӀадаккха бехк боцучун цӀий шайна тӀера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».
Copyright information for
CheCAC2012