Deuteronomy 22:22-24
22Нагахь санна марехь йолчу зудчуьнца цхьаъ вижина каравахь, и шиъ ший а ден деза: зудчуьнца вижина хилла волу стаг а, и зуда а. Иштта исраилхошна юкъара зулам дӀадаккха. 23Нагахь санна къона зуда, цхьана стагана захало дийцина а йолуш, гӀалахь кхин цхьаъ, цунна дуьхьал а кхетта, цуьнца леллехь, 24и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
Copyright information for
CheCAC2012