Deuteronomy 24:1-4
ДӀакъаьстина зуда юха маре яхарх лаьцна
1 a«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тӀаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хӀума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дӀа а делла, цо и зуда шен цӀенна тӀера дӀайохуьйту. 2И зуда, цуьнан цӀенна тӀера дӀа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду. 3Амма, масала, иза шолгӀачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дӀа а делла, и зуда шен цӀа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгӀа майра дӀакхалха мега. 4ХӀета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хӀума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха».
Copyright information for
CheCAC2012