‏ Deuteronomy 28:1-14

МуьтӀахь хиларна декъалвар

(Ӏамалъяр 26:3-13; Карлабаьккхинарг 7:12-24)

1 a«Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ. 2Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна: 3ГӀалахь а, арахь а декъала хир ду шу.
4Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана.
5Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а.
6Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а.

7Шуна дуьхьалгӀевттина мостагӀий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхӀ новкъахула шух бовдур бу уьш.

8Шун чӀоьнашкахь а, шун куьйгаш дӀакхеттачу массо а хӀуманна тӀехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала.

9Шун Везачу Дала тӀедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чӀагӀо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду. 10ТӀаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цӀе шуна тӀехь хилар а гина. 11Везачу Эло шуна массо а дикачу хӀуманна тӀехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду. 12Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тӀе догӀа даийта, шун куьйгаша динчу гӀуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хӀума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. 13Нагахь шун Везачу Дала тӀедиллинарг, тахана ас шуьга Ӏалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цӀоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш. 14Ас тахана бечу хьехамна тӀера ма довлалаш, аьтту я аьрру агӀор а хьаьвзина, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал ярхьама».
Copyright information for CheCAC2012