‏ Deuteronomy 3:12-22

Йордан-хина малхбалехьа даха хевшина тайпанаш

(Лелар 32:1-42)

12«ХӀара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ӀаруӀер-гӀалара дуьйна долу латта а, ГалӀад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гӀаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дӀаелира. 13Ткъа ГалӀад-лаьмнех йисина ах а, ӀовгӀа паччахьан болу Башан-мехкан АргӀаб-кӀошт а ас Маннашан ахтайпанна дӀаелира».

(Башан-махках репахойн мохк олура.
14Маннашхочо Яира берриге а АргӀаб-мохк гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц дӀалецира. Башан-махкана Яира шен цӀе тиллира. Царах хӀинца а Яиран ярташ олу.)

15«ГалӀад-мохк ас Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенах болчарна дӀабелира. 16Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалӀад-махка тӀера Арнон-хина тӀекхаччалц долу латта дӀаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Ӏамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тӀекхаччалц дӀасадаьржира. 17Оцу кхаа тайпанна дӀаделла долчу латтанийн малхбузера доза Ӏариба-тогӀи чохь долчу Йордан-хина тӀекхаччалц дара. И доза Канарота тӀера Дуьрачу хӀордана уллохь болчу Пасга-ломан кӀажина тӀекхаччалц дара.

18 aОцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хӀара латта шуна дӀаделла шун дола даккхийта. Ткъа хӀинца тӀом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала. 19Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, – суна хаьа уьш шун дукха дуйла, – ас шайна дӀаеллачу гӀаланашкахь дита, 20Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргӀато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тӀаьхьа шух хӀора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла.

21ХӀетахь ас ЮшаӀе а весет дира, иштта олуш: „Хьан бӀаьргашна гина вайн Везачу Дала шинна а паччахьна мел динарг. Изза дийр ду Везачу Эло хьо чекхвер волчу массо а пачхьалкхашна. 22Царах ма кхера, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тӀом беш ву“».
Copyright information for CheCAC2012