Deuteronomy 3:8-11
8Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай. 9(ЦӀаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) 10Башан-мехкан паччахь волчу ӀовгӀин ерриге а аре схьалецира вай: тӀапломахь мел йолу гӀаланаш а, берриг а ГалӀад-мохк а, иштта Салха а, ЭдреӀи а гӀаланашна тӀекхаччалц болу берриг а Башан-мохк а». 11(Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)
Copyright information for
CheCAC2012