‏ Deuteronomy 30:12-14

12 aИза стигалшкахь а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву стигалшка хьала, иза, кхуза охьа а далийна, вайна схьахазийта, ткъа вай тӀаккха кхочушдийр ма дара иза?“ 13Иза хӀордал дехьа а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву хӀордал дехьа, иза, кхуза схьа а деана, вайна схьахазийта, ткъа вайга тӀаккха кхочушдалур ма дара иза?“ 14ХӀан-хӀан! И дош шуна дикка юххехь а ду, иза шун матта тӀехь а, даг чохь а ду аша кхочушдархьама».
Copyright information for CheCAC2012