Deuteronomy 31:12-14
12Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гӀаланашкахь хин болу шуна тӀебогӀун берш а. ЛадогӀийта цаьрга, Ӏамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а. 13ХӀара хууш доцу церан бераш а, хӀара дӀа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хӀокху лаьтта тӀехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏемар ду».Везачу Эло Мусана дина тӀаьххьара весеташ
14Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дӀакхелха денош тӀекхочуш ду. ЮшаӀ тӀе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тӀехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаӀ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира.
Copyright information for
CheCAC2012