‏ Deuteronomy 32:48-52

Муса дӀакхалхарх лаьцна

48 aОццу дийнахь Везачу Эло, Мусага вистхуьлуш, иштта элира: 49«Ӏабарим лаьмнашна тӀе хьала а валий, муабахойн лаьтта тӀехь Ерихон-гӀалина дуьхьал болчу Набу-лома тӀе а валий, дӀахьажа КанаӀан-махке, Ас исраилхошна дола дӀалуш долчу лаьтте. 50Хьо хьалаволучу оцу лам тӀехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дӀакхетар ву, ХӀор-лам тӀехь вала а велла шен халкъах дӀакхетта волу хьан ваша АхӀарон санна. 51Иза иштта хир ду, исраилхошна юкъахь, Кхадеш-гӀалина уллохь йолчу Мериба-меттиган хиш долчохь, яьссачу Цин олучу аренгахь, шуьшиъ Суна тешаме воцучу тайпана лелла дела а, веза волчу Суна богӀу ларам аша шимма ца гайтина дела а. 52Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе вер вац хьо».
Copyright information for CheCAC2012