‏ Deuteronomy 4:41-43

ДӀалачкъа йина гӀаланаш

41 aЦул тӀаьхьа Йордан-хина малхбалехьа йолу кхо гӀала дӀакъастийра Муса-пайхамаро. 42Хьалха шеца мостагӀалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дӀавада мегар ду. Царах цхьана гӀалахь дӀалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама. 43Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гӀала раабанхошна лерина яра, ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гӀала маннашхошна лерина яра.
Copyright information for CheCAC2012