‏ Deuteronomy 5:1-21

Делера болу итт хьехам

(Арадаккхар 20:1-17)

1Исраилан дерриг а халкъ схьа а гулдина, Мусас иштта элира: «ЛадогӀал, исраилхой, тахана ас шун лергашна дӀахозуьйтуш деш долчу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Уьш Ӏама а делаш, уьш кхочушдан а хьовсалаш. 2Вайн Везачу Дала вайца барт бина Хьарибехь. 3Цо и барт вайн дайшца ца бина, ткъа кхузахь тахана дийна долчу вайца массаьрца а бина. 4Веза Эла ломахь йолчу цӀерана юккъера юьхь-дуьхьал вистхилира шуьга. 5Ткъа со оцу хенахь Везачу Элана а, шуна а юккъехь лаьтташ вара, Везачу Эло бохург шуьга дӀадийцархьама. ХӀунда аьлча шу, цӀерах шаьш кхерарна, лам тӀе ца довлура.

ХӀетахь Везачу Эло иштта элира:
6„Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.

7Со воцург, кхин Дела ма хилийта шайн.

8 aЦхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш. 9 bЦарна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до. 10Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.

11 cВезачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.

12 dШун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош. 13 eЯлх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде. 14Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гӀаланашкахь ваха тӀевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хӀунда аьлча шу санна шун лено а, гӀарбашо а садаӀа деза. 15Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дӀакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоӀу де лардан шуна тӀедиллина шун Везачу Дала.

16 fШайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а.

17 gАдам ма де.

18 hНахаца ма лела.

19 iКъола ма де.

20 jШайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.

21 kШайн уллорачун зуда ма еза. Иштта цуьнан цӀа я латта а ма деза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма езийта“.
Copyright information for CheCAC2012