Deuteronomy 5:22-27
22 aХӀара хьехамаш лам тӀехь волчу Везачу Эло чӀогӀачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦӀерана а, мархина а, Ӏаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хӀумма а ца элира. ТӀаккха и дешнаш тӀулгах йолчу шина экъанна тӀе дӀа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо».Халкъ кхоьру
(Арадаккхар 20:18-21)
23«Шайна боданна юкъара аз хезча, цӀерах богуш лам гича, шу суна тӀе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а. 24Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цӀерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар. 25Кхин а цкъа вай дала йиш хӀунда кхуллур яра? Оцу сийлахьчу цӀеро вай дуур ду. Нагахь санна вайн Везачу Делан аз кхин а хазахь, вай лийр ду. 26Дуй те цхьа а адам вайна санна цӀерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу? 27ТӀе а верзий, ладогӀа вайн Везачу Дала хьайга мел бохучуьнга. ТӀаккха тхоьга схьадийца вайн Везачу Дала хьайга мел дуьйцуш дерг, ткъа оха ла а дугӀур ду, и дерриге а кхочуш а дийр ду“.
Copyright information for
CheCAC2012