‏ Deuteronomy 7:12-24

МуьтӀахь хиларна декъалдарш

(Карлабаьккхинарг 28:1-14)

12 a«Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогӀахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тӀаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваӀда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу. 13Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Ӏахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тӀехь. 14Массо а халкъел декъалдина долу халкъ хир ду шун халкъ. Шун халкъана юкъахь хир вац бер ца хуьлу стаг, берах ца хуьлу зуда, шун даьхнина юкъахь а хир дац иштта дерг. 15Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тӀе далор ду иза. 16Шун Везачу Дала шайн кара дӀалуш долу массо а халкъаш аша хӀаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гӀуллакх а ма делаш, хӀунда аьлча уьш шуна дӀахӀиттийна йолу речӀанаш хир ю.

17Нагахь санна: „И къаьмнаш тхол дукха ду, оха муха дохур ду уьш ара?“– аьлла, шун даг чу дожахь, 18ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирӀунна а, берриг а мисархошна а динарг. 19Дагадаийталаш шайн бӀаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дӀакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна. 20Шун Везачу Дала царна бумбареш тӀехоьцур ю, шух дӀалечкъаш болу дийна биснарш хӀаллакьхиллалц. 21Ма кхера царах, хӀунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву. 22Шун Везачу Дала и халкъаш кӀез-кӀезиг шуна хьалхара дӀалохкур ду. И халкъаш цхьана хеннахь хӀаллак ма делаш, аренашкара акхарой ца дебийтархьама. 23Амма шун Везачу Дала шун кара дӀалур бу уьш. Царна тӀе боккха кхерам боссор бу, уьш хӀаллакбина бовллалц. 24Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цӀераш стигал кӀелара а дӀайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хӀаллакбина бовллалц.
Copyright information for CheCAC2012