Deuteronomy 7:2-5
2Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. 3Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоӀарий церан кӀенташка а ма бахийталаш, церан йоӀарий шайн кӀенташна а ма балабелаш. 4ХӀунда аьлча цара шун кӀентий Сох дӀаберзор бу, кхечу деланашна Ӏамал яйтархьама. ТӀаккха Везачу Элан дераллин цӀе шуна тӀехьодур а ю, Цо шу сихха хӀаллакдийр а ду. 5 aАмма аша царна хӀара делаш: церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дӀахедаделаш, церан цӀуш багабелаш.
Copyright information for
CheCAC2012