Ephesians 6:13-17
13Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тӀедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хӀума кхочушдича, кхидӀа а латтархьама а. 14 aЦундела иштта дӀахӀитталаш: шайн гӀодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дӀа а ехкий, нийсонан гӀагӀ шайна тӀе а духий, 15 bмашарах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхо кийча хиларан мачаш шайн кога а юхий. 16Цу массо а хӀуманна тӀе тешаран турс схьаэца – цӀе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дӀадайа таро хир ю шун. 17 cКӀелхьардовларан гӀем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду.
Copyright information for
CheCAC2012