Ephesians 6:5-8
Леш а, олахой а
5 aЛеш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цӀеначу дагца муьтӀахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь шаьш ма-хиллара. 6Царна муьтӀахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргӀанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш. 7Хазахетарца, Везачу Элана деш санна, гӀуллакх делаш, адамашна деш санна а доцуш. 8Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг.
Copyright information for
CheCAC2012